Тевзана юьртах лаьцна дош.
Шай хазалло инзарвоккхуш, Нохчийчохь уггаре а хаза меттигех цхьаъ ю Веданан къоштан махкахь йолу Тевзана юрт. Наьрт-орстхой санна, мел долчу вуо х1уманах юрт ларйан д1ах1иттина санна, гуо баькххина лекха лаьмнаш а долуш, шуьйрра, кхета хала долуш, цхьа башха тамашена мохк бу х1ара. Тевзнара 1алам, шай хазаллийца, 1аламат а, исбаьхьалла а ду. Шела юьртара д1адуьладелча, дохалла ткъех километр а долуш, цкъа куьг аьрро аг1ор а, т1аккха куьг аьтто аг1ор а, Наьрт-Орстхочуьнан, Тевзана юьрта бог1учаьрга саламе кховдийна деха куьг санна, вайна го охьадог1у шай исбаьхьа ц1е БАСС йолу хи. Кхузахь вайна го 1аламан лардойла (заповедник), шайна чохь дукха ораматийн а, акхаройн а тайпанаш долуш, иштта дуьненахь к1езиг долчарех дерш а. 1аламо, дахарна а, садо1арна а, могашалла тоярна а, цхьа ша-ша, башха, оьшуш мел долу хьелаш кхоьллича санна, кхузарчу бахархошна а, бог1учу хьешашна а беркате, аьхна бу Тевзанара мохк. Кхузарчу лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а, Бесан хин дохаллехь а, дарбане йолу бецаша а, акха доьвллачу тайп-тайпана стоьмаша а адамийн организман цхьа дика, дарбане т1е1аткъам бой дика хаьа кхузарчу бахархошана, шай «дахаран даар» аьлла ц1арца. Аьхка, адамийн куьг кхетаза йолуш сана йолчу хьуьнан тийналло, хьуьнан пахчхьалкхе чу верзаво кхуза вог1ург, шайна чохь ц1еначу х1авааца марзо эцийта а, башха ораматийн хьожа хааялийта а, иштта г1аларчу массо а денна цхьабосачу дахарах цхьа ханна д1акъаста а. Г1алийн урамашкара готталех а, г1овг1анех а садо1ар лоьхуш болчарна, шайн даго ма лоьхху ю кхузара меттиг. Кхузара дукха долчу шовданийн хиш, инзаре ц1ена а, дарбане башхалаш йолуш а ду. Лоьхучунна билггал кхузахь карор ю акхачу 1аламийн хьуламе маь1игаш. Юьххьара долуш санна долу 1аламо а, ц1енчу шовданаша а, тамаше пеппийн хьуьнан хазалло а цхьа а хьаша вуьтур вац бен ца хеташ санна. Тхан махкара йицлур йоцу пейзажаш а, исбаьхьа 1алам а гуттаренна а даг чохь дуьссур ду кху хазчу метте баьхкинчу хьешашна. Лакхахь сурт х1оттийна исбаьхьа махкахь, цу хазчу 1аламехь шаьш кхиъна ма хиллара, оьзда г1иллакхе а, хаза амалш йолуш а бу кхузара бахархой. Нохчийчохь цхьа а юрт яц аьлла хетта, бес-бесара, массийтта тайпанах долу адамаш (дукхалийн терахьца дуьстича) цхьаьна дехаш, Тевзанахь санна. 17 тайпанах болу нах бу Тевзанахь бехаш: элистанжой, садой, ригхой, ц1адахьрой, нижлой, ц1икрой, зумсой, г1езлой, д1ай, ч1аьнтий, чоьври, аьккхий, чармой, буьтой, мак1ажой, 1аьндой, нашхой. Муьлхха а хьенашкахь, дика-вуо т1едеача и цхьаьна дерзош, вовшашца йолу юкъаметтиг х1оъ б1аьрг санна ларъеш, цхьа беркате доьзал санна бертахь бехаш схьабаьхкина бу, бес-бесара беснаш а долуш, йог1уш хаза хьожа а йолчу зезагийн кочарах тера йолу Тевзана юьртара бахархой. Везачу Далла кхи д1а а беркате дахар лойла, кхузарчу бахархошна а, кхузара схьабоьвлла, кхиъна, баьхна дахаран тулг1енаша дуьне мадду, иштта шай рицкъаш азаллехь яздина хиларна, амма цкъа а шай кхерч биц ца бина, д1асабаржийна лелаш болу ТЕВЗАНХОЙшна а.